"25 апрель - Нохчийн меттан Де"

25.04.2020

ХIора шарахь вайн махкахь оханан беттан 25-чу дийнахь даздеш ду Нохчийн меттан де. Ненан мотт вайн къоман историн а, культурин а онда бух бу. Шен ненан матте болчу безамца, иза Iаморца, ларбарца бен Даймахке болу безам ца гайтало, дайн оьзда гIиллакхаш ца леладало. Маттаца йолу уьйр чIагIъяр, иза бийцар, хаар коьрта Iалашо йолуш верг сийлахь лерина вайн махкахь даимна.Нохчийн Республикин куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, ненан маттаца йолу уьйр вайн махкахь лакхайоккхуш, 2007-чу шарахь шен омрица оханан беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де аьлла дIакхайкхийна.

Оцу дийно йоккха меттиг дIалаьцна вайн республикин дахарехь.Нохчийн Республикин Дуьхьарлерчу Паччахьо, Россин Турпалхочо Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобала дойла цуьнан!) даимна гойтура ненан маттаца долу шен гергарло. Цуьнан дешнаш ду: «Мотт ца хилча къам дац!». И дешнаш коьртехь а долуш дIахьош бу тахана а вайн мехкан говзанчаша, 1илманчаша, хьехархоша, яздархоша жигара болх.Тахана вайн школашкахь, культурин хIусамашкахь, берийн бошмашкахь хIора дийнахь къаьсттина тидаме лаьцна ду ненан маттаца долу берийн гергарло чIагIдар.Иштта, вайн матте болу безам кхин дIа а чIагIлуш, и безар вайн дегнаш чохь долуш, вай берш кхиош къа хьегахь вайн кхане сирла хир ю.