Оханан беттан 17 чу дийнахь ишколехь д1абаьхьира кьовсам - сочиненин " Нохчийн мотт - сан дозалла". Нохчийн меттан Де даздарца лерина.

22.04.2024
Оханан беттан 17 чу дийнахь ишколехь д1абаьхьира кьовсам - сочиненин " Нохчийн мотт - сан дозалла". Нохчийн меттан Де даздарца лерина. Къовсамехь дакъалоцуш бара ишколера 9– 11-чуй классийн дешархой. Къовсаман Ӏалашонаш: – нохчийн мотт Ӏалашбар а, кхиор а, цуьнан сий лакхадаккхар а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт а, нохчийн историн, культурин синъоьздангалле кхачоран гӀирс а иза хиларе терра; – нохчийн матте болу безам а, цунах вайн дахарехь пайдаэцар а совдаккхар, шуьйра йукъаралла нохчийн маттах долчу хаарийн мехаллех кхетор; – ненан маттехула халкъан синмехаллаш йаржор а, чӀагӀйар а.